Францехь полицино лаьцна боснера серб Шушняр Радомир. Иза бехке веш ву Боснехь а, Герцеговинехь а 1992-чу а, 1995-чу а шерашкахь тIом боьдуш алссам бусулбанаш байарна. Боснин прокуратуран векалш бинчу хаамца Шушняр лаьцна ПIераскан Iуьйранна Боснин Iедалийн дехарца.
Цунна бехке дуьллуш ду 1992-чу шарахь Вышеград олучу меттехь 59 бусулба стаг вер. Царна юкъахь хилла зударий а, бераш а. Прокурораша дийцарехь, Шушняр цхьана тIеман тобан хаьлханча хилла. Цо шен куьйга, хIусам чу а боьхкина, цIе а тесна, багийна и нах.
Уьш бойуш дакъалаьцна волу ши серб кхеле озийнера стохка ХIаагерчу дуьненаюкъарчу трибунало. Церах цхьаъ чувоьллина велла дIаваллалц аьлла хан а тоьхна, ткъа вуукхунна 27 шо хан тоьхна набахтехь яккха.