ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратисташца барт лоьху Киево



Украинан президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александра дIахьедина шайн пачхьалкхан малхбалехь сепаратизман болам гIаттийна, цигарчу шина гIалахь Iедалан хIусамаш лецна латтаечу демонтстранташна шаьш таIзар дийр дац, нагахь санна цара герз охьа а диллина, и хIусамаш дIахецахь, аьлла.

4 де ду Луганскехь а, Донецкехь а шайн къошташ Украинах дIахедон арабевллачу наха Iедалан хIусамаш лецна кхобу. Киеверчу мехкан куьйгалхоша Оьрсийчоь бехкейо оьрсий бехачу Украинан къошташкахь сепаратизман боламаш баржорна а, уьш марсабахарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG