ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма Нохчийчоьнал а йоккха пекъар ю...


Украина/ГIирма - Шен эскарийн гайтам тIеоьцуш ву Оьрсийчоьнана тIеман министр Шойгу Сергей, Симферопол, 24Заз2014
Украина/ГIирма - Шен эскарийн гайтам тIеоьцуш ву Оьрсийчоьнана тIеман министр Шойгу Сергей, Симферопол, 24Заз2014

Ша Украинера тахана мухха а делахь а, ГIирма Кремло долаерзорах баккхийбе Оьрсийчуьрчу Iедалера нах. Царех бу Нохчийчоьнан администраторш а. ХIинца бахархошка ГIирмина ахчан сагIанаш вовшахдоьттуйту цара.




Мехкан куьйгалхочуьнан а, Пачхьалкхан цIийнан а хаамийн сервисо гIардаккхарца Оьрсийчоьно шен тIома кIел озийначу Украинан ГIирме ахча хьажо дагадеъна Нохчийчоьнан куьйгалхошна.

Цу ахгIайре тIерачу латтанех дуьйш-дерзош, пайдаэца, цигара юьртабахамаш лартIабалош юкъадахка мел, мича барамехь ахчанаш хила деза, мичара дала деза оццул боккхачу махкана гIо дан ахчанаш? Цу хеттаршна жоп дац. Бакъду, мехкан куьйгалхочо Соьлжа-гIалахь динчу дIахьедарца нохчийн республика, къастам боллуш, ГIирмера экономика деньярехь, цунна чу садаийтарехь дIакъалаца лоьруш ю.

«Тхо ГIирме ахча хьовсо дохку. Официалан а доцуш мехкан премьер министар а хилла ахгIайре тIехь хIун-мила ду хьажа вахна. Цо тIехула а доцуш теллина цигара хьал. Ахча юкъадилла уггар бIегIийла йолуш карийна тхуна юьртабахам. ГIирмерчу вежаршка гIоьналлин куьг кховдо дагахь ву вайн лераме махкахо Байсаров а. Цигахь мичахь хIун далур дара аьлла, шен зераш а дина, цхьана сацаме веъна иза а.» Iедалан хьостано хааме даккхарца герггарчу барамехь ишта бу дIахьедаран чулацам.

Цу хьокъехь хьо хаттаре ваьлча,могIарерчу бахархоша жоп далар метта дуьхьала иттаннашкахь хеттарш ло: « И бохург хIун ду? Ахча дахьа а, хьажо а меттиг йоцуш ду вай? Вайга гIо дахьара бохуш мила ву? Нохчийчоь Катар я Кувейтта-м яц? Iедалдайшна мичара даьлла оццул ахча? И кх. дI а.

ГIирме ахча хьажор юкъадаьлча бахархоша охьадагардо махкахь белхан меттигаш цахиларна эзарнаш кегийрхой дан амал доцуш холчохь хилар а, махках а буьйлуш дIаэхар а, Нохчийчохь латтанаш чутекхаш хиларна бIеннаш бахархой хIусамаш а еш, дIакхалхо безар а, ярташна кхерам латтош, хIора шарна а тIегIертачу хиша йиш йохийна, теркан а. Органан а, кхечу хийн бердаш чIагIдар доьхуш эзарнаш нах хилар а…

Вайнаха цIарца, «кхуззахь а, дIогахь а ю ахчанаш хьажо меттигаш» бохуш, иттаннашкахь ягарйо цIе яьлча санна ахчанан хьашьо йолу гIишлош а, латтанаш а, изза ГIирмехьчул чIогIа ахча оьшуш, юьйш-ерзош а йоцуш лаьтта кхаш-аренаш а.
XS
SM
MD
LG