ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера адамийн бакъонаш



Украинехь адамийн бакъонаш муха Iалашйо зуьйш, Цхьаьакхеттачу Къаьмнийн Организацино ша хIоттийначу рапорта тIехь билгалдоккху, цигара кризис марсайохуш туьйсучу цимана дуьхьало ян еза, бохуш.

Рапорто гойту адамийн бакъонаш ларъярца тIаьххьарчу эха шарахь дина зераш. Кхерамзаллин урхалло «Беркуто» нахана дуьхьал алссам ницкъ баккхаро дардира махкара хьал, гIовттийра Евромайданехь лаьттачийн оьгIазалла, бохург дуьллу документо Украинехь хьал эшаран бухе.

Адамийн бакъонаш кIоршаме талхош хIоттийра ГIирмехь референдум, амма иза дIаяхьаран бахьана цигахь бехачу оьрсийн бакъонаш талхош хилар дара бохург ца догIу бакъдолчуьнца, билгалдоккху рапорто. Иштта, цо къастадо, ГIирмехь референдум хIотторна дуьхьал хиллачу дуккха а нахана, шайлахь, политикаш а, журналисташ а болуш, йиттина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG