ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атлантикан Альянс чIагIлуш ю Украинан дозанашца



Атлантикан тIеман альянсан (НАТО) инарла секретара Расмуссен Андерс хаам бина, альянсо шен малхбалерчу дозанашкара ницкъ чIагIбеш ю Украинерчу кризисца доьзна аьлла. Брюсселехь, Атлантикан альянсан кхеташонехь, Расмуссена элира, «тIеман дакъош деношкахь совдохур ду хица а, хIаваэхь а, лаьтта тIехь а». «Кеманаш сов хир ду стигалахь, хIордакеманаш – хишца, эскарш – лаьтта тIехь» - бохура цо.

Расмуссена бахарехь, Балтикан, Юккъерчу ХIордан а, эшахь кхечу а регионашкахь дебор бу альянсо шен ницкъаш. Дерриг а дийр ду аьлянсо шена декъахь йолчу пачхьалкхийн кхерамзалла чIагIъеш а, арахаьар ницкъаш герга ца гIоьртуьйтуш а, бохура Расмуссена. Альянсо сатуьйсу кху еарий дийнахь Женевехь хуьлучу бертан дийцаршкахь машаре, кризис ерзаен некъаш кароре, элира НАТО-н инарла секретара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG