ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера гIаланаш «дIалоьцу» сепаратисташа



Украинерчу Донецкан администрацин хIусам дIалаьцна бронетехникаца, тIехь оьрсийн байракх а йолуш, баьхкинчу сепаратисташа. Маршо Радион меттигерчу корреспонденташа хаам барехь, оьрсийн байракхаш тIехь йолу бронетехника лела Краматорск а, Славянск а гIаланашкахула а. ТIеман духарахь бу оцу техникана буьххьехь хехкало нах.

Интернетехула наха дуьйцу, Украинан эскархой шайгарчу техникаца цхьаьна оьрсашкахьа буьйлу бохуш, амма Украинан тIеман министран декхарш кхочушдечу Коваль Михаила иза харцдина.

Донецкерчу администрацин пресс-секретара тоьшалла дарехь, цигарчу Iедалан цIа шайн караэцнарг ву ткъеха тIемало. Цара махкахь Украинах федералан пачхьалкх яр къастош референдум хIотто еза, аьлла, дIахьедина. Iедалан цIенош дIалецна Украинерчу сепаратисташа лаххара а малхбалерчу 8 гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG