ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах кийла героин карийна Чернокозовехь


Шаьш Невран кIоштарчу вахархочуьнгара ах кийла сов наркотик – уггаре мехалчех йолу героин – яьккхина, хаам бо Нохчийчоьнан полицино. Чернокозовехь вехачу, цкъачунна цIе йовзанза вуьсучу стагна мотт тоьхча карийна Iедална цуьнгахь наркотик. Базарахь оццул героин 600 эзар соьмах юхку. Стохка Соьлж-ГIалахь оццул героин юхкуш цхьа стаг лаьцнера, хIара шолгIаниг ву, ткъа граммашкахь-м иза а, кхиерш а дукха лела махкахь, боху полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG