ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин инарла вийна Мисарахь


Мисарахь КъахIирна генадоцуш, эккхийтар а дина, вийна полицин инарла Заки Ахьмад. Зуламхоша бомба латийна хилла цуьнан машенна буха. Оццу хенахь Александрияхь тIемалойн хIусамашкахь рейд дIахьош вийна полицин белхахо лейтенант Саад Ахьмад.

Стохка Мурси Мухьаммад президентан даржера вохийначул тIаьхьа цу махкахь алсам даьлла кхерамазаллин ницкъийн векалшна тIелетарш дар. Стигалкъекъа-бутт чекхболуш Мисарахь хир бу президентан харжамаш. Цу харжамашкахь толам баккха мегаш ву Мисаран тIеман министр хилла волу Ас-Сиси Абдел Фаттах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG