ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинина кхерамаш туьйсуш ву Лавров


​Украинехь шайн лааманна эшам беш хилахь шаьш бекхам бийр бу аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Оьрсийчоьнан телевизионехь вист хуьлуш цо элира, нагахь шайна тIелатахь шаьш, шеко а йоцуш, жоп лур ду аьлла.

И дIахьедар Лавровс дина Украинин президентан декхарш кхочуш волчу Турчинов Александра Украинин Малхбалерчу кIошташкахь терроран духьал йолу операци юха дIайолае аьлла омра деллачул тIаьхьа. Турчиновс и операци дIаяьхьа сацам бина Славянскехь оьрсийн гIаттамхоша къиза хьийза вина вийна ши стаг карийначул тIаьхьа. Царах цхьаъ ву карарчу хенахь Украинехь Iедалехь йолчу «Батьковщина» олучу партин жигархо.

Славянскехь Оршотан дийнахь лачкъийна Iамеркера журналист Островский Саймон а, цигарчу полицин декъан куьйгалхо подполковник Прохоров Олег а. Цу хеннахь ОБСЕ-но алсамдоккхуш ду шен Украинехь йолчу миссин декъашхойн терахь. ХIинца цига хьажош ву 500 стаг. Цу сацаман Iалашо ю Женевехь хилла берташ кхочуш дайтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG