ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газан мах бесторна арздина Украино



Украинан куьйгалхоша дIахьедина, шаьш шайн пачхьалкхана тIера газан декхар Оьрсийчоьнна дIадала кийча ду, нагахь санна «Газпром» шайна газ, кубан метрах 268 доллар а доьхуш, йохка реза хилахь, аьлла.

Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс и дехар ша «Газпроме» хьажийна, элира оршотдийнахь.

Оьрсийчуьрчу хьостанаша дийцарехь, Киеван декхар 16 миллард долларал а совдаьлла.

Иштта, Яценюка элира, Украинан Нафтагазо арздина Стокгольмерчу арбитражан кхеле Оьрсийчоьно шена газан мах 268 доллар тIера шозза гергга лакхабаккхарна, аьлла.
XS
SM
MD
LG