ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турчиновс бахарехь, Оьрсийчоьно Украиница тIом болон кхерам боккъалла а болуш бу


Украинан президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александро дIахьедар дина, Оьрсийчоь Украинина тIелата кхерам хилар бахьанехь, Украинан тIеман ницкъаш буьззинчу тIамна кечдина ду, аьлла. Турчиновс бахарехь, Оьрсийчоьно Украиница тIом болон кхерам боккъалла а болуш бу. И аьлла цо дIахьедар дина, Киевехь шен кIоштийн администрацийн куьйгалхошца хиллачу цхьанакхетарехь.

Турчинов къера хилира, Iедалшка Донецкера хьолана урхалла далуш ца хиларна. Цо, иштта, мукIарло дира, Донецкан кIоштан хьал а Киеверчу Iедалийн карахь ца хиларна. Къаьсттина кхераме хьал Луганскан а, Донецкан а кIошташкара лерира Турчиновс. Цо дагадаийтира, Луганскера Кхерамазаллин Сервисан урхалла а, прокуратура а, кIоштан пачхьалкхан администраци а дIалаьцна хилар.

Цо бахарехь, кхаарин буса дуьхьало йинера, Чоьхьарчу ГIуллакхийн Урхалла лацарна. Турчиновс Украинан Чоьхьарчу гIуллакхийн министрарана тIедиллира, «Луганскан а, Донецкан а Чоьхьарчу гIуллакхийн Урхаллин куьйгалхо даржашкара дIабахар». Украинина тешнабехк а бина, террорахошца цхьанабелхаш беш болчу «бакъонийн органийн векалша» низамашкахула жоп лур ду, аьлла тIетуьйхира Турчиновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG