ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ хьокъехь Варшавехь дина дагадовларш жамI доцуш дирзина


Газ хьокъехь Варшавехь Европан Бартана а, Украинана а, Оьрсийчоьнна а юкъахь хилла дагадовларш дIадирзина, агIонашна цхьа а барт ца карор бахьанехь, аьлла дIахьедар дира пIераскан дийнахь, Европан Комиссин энергетикеан хаттаршкахула комиссар волчу Эттингер Гюнтера.

«Стигалкъекъа-беттан юккъехь а, иза боьрзуш а, кхин а ши цхьаьнакхетар хир ду кхаа агIонан», а аьлла билгалдаькхира дипломато. Дагадовларш дечу хенахь, Эттингера тидаме диллира, Брюсселана газан мехаш массо а шайн накъосташна цхьатерра хуьлийла лаар. Украинан энергетикан министро Продан Юрийс гIортор йира цу лаамна.

Охана-бутт болабелчхьана дуьйна, Оьрсийчоьно шозза лакхабаьккхина, ша Киевна юхкучу газан мах – цхьана эзар кубметрх 268 доллар ах долларна тIера, 485 долларна тIе кхаччалц. И керла мах, политикехь лелон юкъабаьккхина Iаткъаман гIирс лору Киево.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG