ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана сагатдо дуьнено



Украинехь лаьтта тIеман хьал дижорехьа а, Оьрсийчоьно оцу пачхьалкхана бен тIеIаткъам юхабаккхарехьа а къахьоьгу пачхьалкхийн дайша а, дуьненаюкъарчу кхеташонаша а. Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Европа а саготта ю Украинехь кху беттан 25-чохь хила безачу президентан харжамашна махкахь оьшшу хьелаш дацарна.

Оцу хьокъехь Киевехь кхаарий дийнахь къамел деш Ингалсенан арахьарчу гIуллакхийн министра Хейг Вильямса элира, демократи чIоггIа човхош нислур ду, нагахь санна харжамашна Оьрсийчоьно новкъарло яхь. Гаагехь, Оьрсийчоь декъахь а йолуш, Украинан хьокъехь ши кIира хьалха бертан сацам бина хиллачу пачхьалкхаша Кремл бехке йо и сацам бохорна. Украинан президентан декхарш кхочуш дечу Турчинов Александрца къамел хилира кхаарий дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къамнийн организацин политикан векалан Фелтман Джеффрин.

Оцу юкъанна тIемаш лаьттара Донецк-кIоштарчу Славянск-гIалахь.
ТIематасадалехь сепаратисташкара меттигера администрацин гIишло схьаяьккхина Украинан эскаро Мариуполь-гIалахь. Байъина нах бу шина а гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG