ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло аьлларг ца до шаьш боху Донбассерчу сепаратисташа



Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шайга шаьш кху тIедогIучу кIирандийнахь хIотто лерина референдум тIехьататта аьлла бина хьехам тергамза бита дагахь бу Украинерчу Донецкан а, Луганскан а кIошташкара оьрсий-сепаратисташ.

Боламан цIарх церан лидера Пушилин Дениса шаьш лаьцна латточу Iедалан хIусамехь пIераскандийнахь шен го вовшахкхеттачул тIаьхьа хаам бина, шаьш «Донецкан республика» олучу лаьтта тIехь иза Украинах дIакъастарх йолу референдум йиллинчу хенахь дIахьор ю аьлла.

И тайппа дIахьедар дина Луганскерчу гIаттамхойн лидера Чмуленко Алексейс а.

Сепаратистийн шина а лидеро динчу дIахьедаршна шаьш вуно чIогIа резодоцийла хаийтина шайн векалшкахула Малхбузерчу лидерша.

Ткъа Путинан пресс-гIоьнчас Песковс Дмитрийс, Кремл анализ еш ю хIуттучу хьолан, элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG