ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинина газ йохкар луьрча хьоле даьккхина Оьрсийчоьнан "Газпромо"


«Украинин Нафтогазана» цкъа дуьххьара ахча делча а бен газ йохка дагахь яц Оьрсийчоьнан Газпром-компани. ТIебогIучу баттахь ша юхкур йолчу газан мах миллиард сов доллар хир бу аьлла д1ахьедар дина цо Шинарин дийнахь. Оьрсийчоьнан концернан официалан векло Куприянов Сергейс бинчу хаамца,

«Украинин Нафтогаз» Оьрсийчура газ эца лууш ялахь цуьнах мах охьабилла безаш ю иза Мангал-беттан 2-чу дийнахь. Украинин энергетикан министро Продан Юрийс дIахьедар дина, Киев дагахь яц, «Газпромана» хIора эзар кубометрх 485 доллар а луш, хьалххе эцаза йолчу газах мах дIабала. Цул сов, Украино тIе ца лоцу Оьрсийчоьно шега кхийдош долу декхар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG