ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь дIахьош ю терорроран дуьхьал операци


Донецк-кIоштан Краматорск-гIалана гена йоцуш йолчу Сатроварваровка эвлахь террорана дуьхьал операци дIахьош Украинин эскархоша лаьцна кхо сепаратист. Царгара схьаяьккхина карахь лелон танканашна туху гранатомет.

Украинера «Информацица дуьхьало» цIе йолчу тобан куьйгалхочо Тымчук Дмитрийс бинчу хаамца, цу эвлахь хиллачу тасадаларехь чевнаш йина нах бу Украинин эскархошна юкъахь.

Билггала террорахошна юкъахь байинчу нехан терахь хууш дац. Цхьаболчу хаамашца, вийна масийтта стаг. Лаккхарчу Радехь вист хуьлуш, Украинин президентан декхарш кхочуш деш волчу Турчинов Александра хаам бина, Краматорск-гIалин йистехь сепаратистийн тIеман база хIаллак йина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG