ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШолгIа "Горга стол" хилла Харковехь


Шотан дийнахь Харковехь хилла Украинин къилба-малхбалерчу регионехь долу хьал дIанисдар Iалашонца вовшахтоьхначу «горгачу стоьлан» шолгIа раунд. Цигахь вист хуьлуш Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс дIахьедар дина, Украинин Iедалш дагахь ду регионашна шуьйра бакъонаш яла, амма цара мохк боькъуьйтур бац аьлла.

Цу консултацешкахь дакъалоцуш волчу Украинин хьалхара президент хиллачу Кравчук Леонида хаам бина, кхолагIа «горга стол» Черкасскехь хир ю аьлла. Цо дийцарехь Харковехь хиллачу цхьанакхетарехь дакъалоцуш бара оппозицин жигархой

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG