ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Политковская Анна ерна бехке лерина вежарий МахмудовгIар а, церан ненаваша Гайтукаев Лом-Iела а


Журналист Политковская Анна ер толлучу гIуллакхехь дакъа лоцучу бехк-къасторхочо Москох кхелехь сацам бина, кхеле озийна хилла пхи стаг цу зуламна бехке лоруш. ХIара кхел шолгIа ю. Хьалхарчу кхело бехке бийриш бехказа леринера. Амма уьш бехке бечу агIоно латкъам бар бахьанехь, и гIуллакх кхин цкъа талла юхахьажийнера.

Талламхоша цу юкъана лецира, журналистана тапча йиттина лоруш волу Нохчийчоьнан вахархо Махмудов Рустам.

Иштта, кхелан хьесапехь, билгалваьккхина, зуламна урхалла динарг мила вара а – МахмудовгIеран ненаваша Гайтукаев Лом-Iела.

Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан официала векало Маркин Владимира дийцина хаамийн гIирсашка, кхеле озийна хилла кхин а кхо стаг – МахмудовгIеран кхин а ши ваша ИбрехIим а, Джабраил а, милцо болх бина волу Хаджикурбанов Сергей а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG