ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан вице-президента Байджен Джозефа варе дина Москохана, Украинера харжамаш юкъахбаха ма гIерта, аьлла


Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн вице-президента Байджен Джозефа варе дина Москохана, Украинера харжамаш юкъахбаха ма гIерта, аьлла. Бухарестехь кхаарин дийнахь вистхуьлуш, Байдена элира, Москохана дуьхьал йохучу санкцешца доьзначу хаттарехь чIогIа хила веза. Нагахь санна, хIокху беттан 25-чу дийнахь Оьрсийчоьно Украинера президентан харжамаш юкъахбахахь, цунна дуьхьа керла санкцеш йохур ю аьлла, билгалдаьккхира цо.

Румынина 200 чаккхарма бен генахь йоцчу ГIирмехь Оьрсийчоьно лелийначуьн хьокъехь, НАТОн бакъонийн 5-гIа артикл хьахийра Байдена. Цу тIехь аьлла ду, Къилбаседа Атлантикан цхьана декъашхочунна тIелатар, ерриг организацина тIелатар санна лору.

Байден кхаарин дийнахь Кипре воьдуш ву, Украинехь Оьрсийчоьно лелочуьн хьокъехь Европан Берто дуьхьал яха еза санкцеш йийца. И хаттар чIогIа экаме ду Никосина. ХIунда аьлча, Кипран банкашкахь латтош оьрсийн бахархойн миллиардаш еврош ду.

Кипран арахьарчу гIуллакхийн министро Касулидис Иоанниса хьалхуо дIахьедар динера, ишта а декхарехь йолчу шен пачхьалкхан экономика йохон тарло, Европан Бертан шогачу санкцеша, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG