Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедар дина, Украинин цхьа а бакъо яц, ша Оьрсийчоьнера оьцучу газан мах охьабаккха, аьлла. Петарбухерчу Дуьненаюкъара Экономикан формехь вистхуьлуш, газаца доьзна хаттарш, билламаш ца хIиттош, дагадовларшкахь къастон деза элира Путина.
Шен журналисташца хиллачу къамелехь цо кхин а элира, Малхбузера пачхьалкхаша Украинина тIехула Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш «нийсса бIостанехьа маьIна долуш а ю», дуьненаюкъарчу бакъонашца йогIуш а яц.
Оьрсийчоь санна йолу пачхьалкх нацкъар яккхалур яц, Малхбузерчу пачхьалкхаша дерриг дуьненан экономикана зе дина, аьлла Путина.