ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вьетнамхой лаьхкина Нохчийчуьра


Нохчийчуьра белхалой-вьетнамхой
Нохчийчуьра белхалой-вьетнамхой

Нохчийчуьра Iаьржа белхаш Азера схьаоьхучу наха дIалоьцура хIинццалц. Доккхачу декъанна вьетнамхоша. Оцу хьоло тIамах къаьстина бевлла а боцчу нохчашна гIело йора бан белхаш бацарца. ХIинца хьал сихха административан ницкъ Iедало тIе а белла, хийцина.




Адам дукха хиларна болх-некъ боцурш алсам болуш мохк белахь а Нохчийчоь, кхуза Iаьржа белхаш бан, цIоз санна, тIетаттаделлера кхечу пачхьалкхашкара адам. Къаьсттина дукха бара вьетнамхой. Цара, дестийна ала а доцуш, эзарнашкахь нохчий битинера, ши куьг хаьдча санна, болх-некъ боцуш.

Генарчу хьешаша ца а деш белхаш дан а дацара: сир-кир тохар, цIенкъанаш яхкар, пенаш-тхевнаш хьахар… Ницкъала а, атта а, муьлхха а белхаш. Бахархошна товриг дара, зингатий санна тIе а летий, шаьш дийриг цара чехка дар.

Бакъду, кIезиг масалш дацара, кхачамбацарш дукха хиларна, цара динарг юхадан дезна а. Делахь а уьш болх боцуш ца буьсура Нохчийчохь. Бахархошна товриг и дара – церан белхан сихаллий, уьш кхаба-лело атта хиларрий. Вайнаха чIагIдарца, кхачанан сурсаташ дIаделчахьана, коьртаниг жижиг, дугий, цхьанне а бала а боцуш, юург цара шаьш йора.

Вьетнамхоша хIара диний, и диний бохуш, цхьа эладитанех тера юкъараллехь церан хьокъехь дуьйцу хабарш доцург, официало гIардаьккхина, билггал хууш хIума а доцуш, леррина тIеман операци дIахьош санна карзахдаьллачу Iедало, полисхой юкъа а озийна, де-буьйса далале махках баьхна тIебаьхкина белхалой.

Баьхна, машенаш тIе буттуш, Ставропол, ДегIаста, ХIирийн мехкан дозанашкахь охьа а биссош. Бахархоша дийцарехь, Iедалдайша барта дина омра ду, нагахь санна, хIинцачул тIаьхьа цхьана кIоштехь, юьртахь, къайла-къулах болх а бойтуш, лелош вьетнамхо гучувалахь, юртден биста кхаччалц таIзар дийр ду аьлла.

МогIарерчу наха шуьйра дийцаре дечех ду уьш махках бахар а, цара белхан къоьлла кхоллар а. Теркйист кIоштера Iусман а, Муса а ву дуьйцуш.

Iусман: «Уьш бахьанехь шортта къам дисна-кхь болх боцуш. Цхьа бахьна и ду-кх уьш арабахаран. Арабаьхча бакъахьа ду-кх»

Муса: «Кху республикехь мел верг араваьккхина. Дика а ваьккхина. Кегийрхой Оьрсийчоь мел ю дIаса а бахана лелаш бу. Уш мел дукха бу болх-некъ а боцуш, бевлла лелаш».

Вьетнамхой дIабахийтарх къаьсттина кхаъ хилла зударшна, стенна аьлча, дукхахдолчу декъана поппарца, боршамца доьзна, зударийн белхаш хилла цара дIалецнарш. Шена халахеттарг хьалха а хьахош, церан хьокъехь дуьйцуш ю Новр кIоштера яхархо Солтабиева Зараъ.

Зараъ: «Арабахар-м вон дацара. Бакъду, цхьаберш шайн ахча схьаэца а ца ларалуш дIабахийтина боху. И нийса дац. Бусалбан дог Iан ма ца ло. Къахийтир-кх суна царех, иштта ма бахийта белара уьш аьлла хийтира, тохар бохийна махках баьхна нохчийн санна.

Шайна догIу хьакъ схьаэцийта мегар ма дара. Къа дац церан. ДIа-м дика хьовсийна. Дера реза хуьлда царна уьш арабахарна. Зударийн а, божарийн а болх цара дIа ма баьккхинера. Дала гуттаренна арабаьхна хилийтахьара уьш! Уьш къайлабаьхна нах белахь, чубоьхкича а дац хIумма а».

ТIебаьхкина, массо болх дIа а лаьцна, каде хьийзаш вьетнамхой хиларна, дан амал доцуш дуьне ма-дду баьржина лелаш дукха нохчий бара болх лоьхуш, дийцира Соьлжа-гIалин кIоштан Галнерчу Абзотова Асета.

Асет: «Дуьйцург бакъ делахь, махках бахар дика ду. Ца баьхча йиш а яцара. Цара динарг кIезиг хIума а дац»

Маршо Радио: ХIун дина цара?

Асет: «Цхьаъ вен а вийна, виина бохуш дуьйцу-кх»

Маршо Радио: Иза-м бакъ делахь а зулам ду, бехкечуьнга жоп доьхур долуш. Уьш арабахар дика стенна лору ахь?

Асет: « Юьртара нах уьш бахьнехь балхах боьхнера. Иза цхьаъ ду. Цара борах а, сиха а бо бохуш, шен адам дIа а теттина, уьш тIеозийнера. Массо адам тасаделла доллуш дара белхаш доцуш. Зударий а тIехь, шайн доьзал а буьтуш, Краснодаре, Ростовехула дIаоьхуш бара-кх дан амал доцуш. ХIинца нах цIахь белхаш а беш Iийр бу-кх, генна дIа а бахна кхечарна а йва бецаш…»

ЦIеххьана тохаделлачу Iедало, нуй хьаькхча санна, тIех каде вьетнамхой арабахар, цхьаболчу тергамхоша кхеторехь, доьзна ду, мехкан куьйгалхочо Нохчийчохь болх-некъ боцчийн терахь 5% кхаччалц охьадуьгур ду аьлла бинчу тIелацамца. Царна хетарехь хIинца Iедалан гIуллакхъхой а, маьхькIамхой а цхьана ханна болх карийнарш дIаязбан буьйлалур бу, болх-некъ боцчийн терахь лахдаран Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG