ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш 7 гIалгIа верах дозалдо гIалгIайн Iедало


ГIалгIайчоь -- Мехкан президент Евкуров Юнус-бек 16Сти2013
ГIалгIайчоь -- Мехкан президент Евкуров Юнус-бек 16Сти2013

Шоьтан дийнахь гIалгIайн СагIопш-юьртахь шаьш ворхI стаг вер боккха толам а лоруш, дозаллица дуьйцу ГIалгIайчоьнан ницкъийн векалша. Муьлш бу байинарш?




РогIера толам баьккхина шаьш аьлла, дIакхайкхина ГIалгIайчоьнан ницкъаллин урхаллаша. Иштта боккха кхиам шайн хилаза дукха хан яра боху церан векалша. МаьлгIбек-кIоштарчу СагIопшехь лерринчу операцехь вийна ворхI стаг.

И операци дIаяхьале,низамхошка хаам кхаьчна хилла, оцу юьртахь меттигерчу полисхочуьн цIахь массех тIемало ву аьлла. Операци, хIинцалца а санна, дIаяхьна цIенна го а бина, цу чохь болучаьрга герз охьа а диллина, куьйгаш а айдина, арабовла, аьлла. Вукхара иза тIе ца дуьтуш, шайгахь долчу герзаца доьхьало йина. ЦIа чуьра верриг вийна, и цIенош доха а деш.

И цIа меттигерчу полисхочун Коригов Iумаран хилар билгалдаьлча, хеттарш кхолладелла, цо и тIемалой ша чубахкийтина я иза а цуьнан зуда а, цара закъалтна лаьцна хилла аьлла. Амма, дукха хан ялале Терроран дуьхьалояран комитето дIахьедар дина, цо тIемалой ша чубахкийтина хилла аьлла. Иза а, цуьнан зуда а, иштта пхи тIемало а вийна цу чохь.

Байинчарна юккъахь, дерриг дIадирзича, карийна МалгIбек-кIоштарчу тIемалойн лидер Евлоев Ахьмадан а, ГIалгIайчоьнан тIемалойн баьччин Гетагажев Артуран а декъий а. И шиъ бехке ву боху махкахь динчу цхьацца лелхийтаршна а, полисхой байарна а. Цушинна бехке дуьллуш ду, иштта, стохка мехкан кхерамазаллин кхеташонан куьйгалхо Котиев Ахьмад вер а.

Операци йирзича, тIемалойн коьртехь берш дIабаьхча, махкара хьал меттадаре а, бисинчара герз охьадилларе а, Iедалшна тIебахкаре а сатуьйсу шаьш, дIахьедина ГIалгIайн республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.
Мел маьIна долуш бу и сатийсам аьлла, Маршо Радионо хаттар делира гIалгIайн вевзаш волчу бакъонашларъярхочуьнга, «Машр» цIе йолччу цхьаьнатохараллан куьйгалхочуьнга Муцольгов Мохьмаде.

Муцольгов: «Хилча дика-м хир дара. Амма, со шек-м ву. Вайна хууш ма ду, цхьаъ вийна аьлча, кхин стаг харжа а хоржий, хIара ву тхан лидер а, амир а олий. ХIинцалц ма хиллара система ю иза. ХIумма а хийцалур ду аьлла ца хета суна оцу методашца, тIейогIучу хенахь оьккхур йолу мина ю иза. Иттанаш шерашка бахлур болу баланаш бу уьш».

ДIаяхьначу лерринчу операцехь йийна полисхочун зуда цхьанна а агIор ен догIуш хIума дацара аьлла хета бакъонашларъярхчоуьнна.

Муцольгов: «Оцу зудчо тIом бина боху цара. Со 99 процент тешна ву уьш аьшпаш буйла. Наггахь бен ца хуьлу зударша тIом беш. Нахана иза хаьа, амма бист ца хуьлу - сан цIа юьстахлаьтта бохуш Iа».

«Леррина операцеш» цIераш а тоьхкуш, гобинчу цIачохь мел волу стаг вуьш хиларна реза вац Муцольгов Мохьмад. Иза цхьанна а тайпана нийсонца ца догIу боху цо.

Муцольгов: «И санна меттигаш, «леррина операции» олуш ерш, чIогIа ца еза суна. Леррина операци олийла ду, иза леррина кеч а йина, ойланаш а йина, кечам а бина, дIаяхьча. Ткъа хIорш нах хIаллакба хьажийна ю. Вайнехан цIий хьанал дина тIом бу-кх хIара. Леррина операци муха хила еза?

Соьга хаьттича, хIун ду, мила ду цо дуьйцур а долуш - иштта хила еза иза. Танканашца цIенош дIа а хьакхна, нах хIаллак а беш йо. Иза-м яц леррина операци. Иза хила еза, нагахь санна, цу тайпа меттехь Путинан йоI хилахь, цигахь дендерг дийр а долуш хила еза».

СагIопшехь и операци дIаяхьна де далале, Несарахь оьккхург карийна цхьана туьканна хьалха. Иза дIа а яьхьана, кхераме доцчохь эккхийтина. Цул цхьа де хьалха Карабулак-гIаларчу кхин а цхьана туьканна хьалха карийна и тайпа оьккхург. Иза а, гучу а яьлла, дIаяхьана, эккхийтина говзанчаша. И ший а туька малар духкуш хилла.
XS
SM
MD
LG