ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIех дерстина ду хIора 3-гIа адам



«Ланцет» цIе йолчу дуьненаюкъарчу лоьрийн журнало хаам баржийна, адамех кхозлагIа дакъа сов дерстина адамаш ду, аьлла. Оцу хааме кхочуш, журнало чоьте эцна 188 махкара тIаьххьарчу 30 шеран талламаш.

Дерриг а тIех дерстина адам 2 миллард сов ду. Ткъа 30 шо хьалха таханчул кхузза кIезиг хилла иштта адамаш. Ах сов берстина нах бу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а.

Пачхьалкхаш шаьш яьхна аьлча, тIех берстина нах уггаре дукха бу Iамеркан Штаташкахь – 13 процент. Бахархойн дегIан йозалла сов ю Китайхь, ХIиндойчохь, Оьрсийчохь, Пакистанехь.

Адамаш дерсташ хиларо алсамбоккху лоьрийн болх. Дилх совдаларо адам сиха кхачадо деган лазаршка, диабете, ахкаргийн лазаршка, раке, боху «Ланцет» журнало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG