ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газах герз а дина хьийза Оьрсийчоь


Евробертан а, Оьрсийчоьнан а, Украинан а векалш вовшахкхетта Берлинехь Москохний, Киевний юкъахь лилхина газ Европе кхачоран цакхетамаш бахьанехь. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан концерно Газпромо бахарехь, 5 миллиард 200 миллионе хьаладуьзна Украинан газах IаьIна декхар. Ткъа и декхар дIадала Газпромо хIоттийна хан ю деношкахь чекхйолуш.

Евробертан энергетикан комиссара Эттингер Гюнтера дIахьедира, Украино оьрсашна газах ахча, иза дIаозале охьадилла деза, амма Москох а ю декхаре мах беста а ца беш хIоттон, аьлла. Оьрсийчоьно 485 доллар доьху газан 1000 куб-метрах, ткъа иза сов боккха мах бу, элира Эттингера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG