ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран керла президент ву ас-Сиси Фаттах


Мисарахь хиллачу президентан харжамашкахь тIеман министр хиллачу ас-Сиси Абдел Фаттаха толам баьккхина хилар тIечIагIдина Кхаарин дийнахь цу мехкан коьртачу харжамийн комиссино. Кхажтасар хилира Мисарахь Стигалкъекъа-беттан тIаьххьарчу деношкахь. Официалан жамIашца, ас-Сисис гулдина 97 процент харжамхойн кхаьжнаш.

54 миллион харжамхочух Мисарахь хиллачу президентан харжамашкахь дакъалоцуш вара 47 процент харжамхо. 2012-чу шарахь демократин кепаца Мурси Мохьаммад президент хоржуш и терахь кхин а алсам дара. 2013-чу шарахь аьхка дуккха а адамаш а дойуш къепедацарш хиллачул тIаьхьа Мисарахь урхалла дар шайн кара ийцира эскаран куьйгалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG