Пекинехь Тяньаньмэнь майданахь студентийн дуьхьалонан акци къиза охьатаIийна 25 шо кхачарца доьзна кхерамазалла чIагIйина Китайн коьртачу гIалахь. 1989-чу шарахь Мангалан-беттан 4-чу дийнахь Китайн Iедалан ницкъаша байира бIеннаш дуьхьалонан акцин декъашхой.
Цу дийнахь хиллачух а дийца, цу дийнахь а, цултIаьхьа а байинчерах а, лийциначерах а, лар йоцуш байинчерах а информаци а ло нахана аьлла Китайн Iедалшка кхайкхам бина Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штаташа. КIайн цIинан зорбанан секретаро Карни Джейс динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, Iамерка даиман а яра дуьхьалонан акцийн дакъашхойн маьршонашна гIортор еш аьлла.
Карнис хастийра Китай кху тIаьхьарчу 30 шарахь социалан а, экономикан а сферехь кхиамаш бахарна. Цуьнца цхьаьана цо кхайкхам бира Пекине адамийн коьрта бакъонаш ларяхьара аьлла.