Оьрсийчоьнан а, оьрсашкахьара болчу а зорбанан гIирсаша харцонаш лелайо хаамаш беша а, сурташ а, видое а гойтуш а. Дукхачу хьолахь цара къизаллаш тIехь йолу кхечу пачхьалкхашкахь даьхна сурташ ду гойтуш уьш Украинехь даьхна болхуш. Амма аьшпаш гучубаха дукха атта ду Google пайда а оьцуш. Лосик Игора кечдина хIара сурташ.
Оьрсийн пропагандин аьшпаш

1
ГIирмехь хIордан йистехь садоIу меттиг гойтуш Оьрсийчоьнан телевизионо гайтина 2011-чу шарахь яьккхина видео.

2
Украинин ду бохучу беркеман сурт даьккхина Кот д'Ивуарехь.

3
ХIара сурт даьккхина Канадехь. 2013-чу шарахь цигахь некъах а яьлла егира мехкадаьтта дохьуш йогIу цIерпошт.

4
Украинан Къоман гвардино Донецкехь вийна боху хIара стаг вийнера Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша 2012-чу шарахь ГIебартлойн-Балкхаройчохь.