ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна ерна хенаш кхайкхийна



Валлалц набахтехь кхаба кхачийна Москох кхело 2006-чу шарахь Iедалера Нохчийчохь тIемаш беш юьйлу харцонаш Iорайохуш яьхна журналист Политковская Анна ерна дов теллинчу пхеаннах шиъ. КIело еш а, зулам чекхдоккхуш а куьйгалла дина аьлла, оцу таIзаре кхачийна бизнесхо Гайтукаев Лом-Iела а, зуда ерна куьг-бехке лору Махмудов Рустам а.

Жоьпе озийначу вукху кхаанна, милицин белхахо лаьттинчу Хаджикурбанов Сергейна, вежаршна Махмудов ИбрахIмна, Жабраилна тоьхна хенаш ю 12 тIера 20 шаре кхаччалц. Ткъа хьенан лаам хилла Политковская ейта – иза хаанза дуьсуш ду. Кхелан сацамна реза бац бехкебиначийн адвокаташ, шаьш арз дийр ду оцу хьокъехь, д1ахьедина цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG