ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жил-Iаламан карзахалла ловш ю Нохчийчоь


Нохчийчоь - Мохо харцийна керт тоеш ву Теркйистера вахархо, 19Заз2014
Нохчийчоь - Мохо харцийна керт тоеш ву Теркйистера вахархо, 19Заз2014

КIиранах маситтаза маьI-маьIIехь мохк бегабо Нохчийчохь. Оцу юкъанна къора а тоьхна кIирандийнахь цхьайолчу меттигашкахь. Ткъа Теркйист а, мехкан якъоне кIошташ а ю йохуш цаьпцалгийн цIазо. Цуьнца доьзна ледара хила тарло ялташ а.




Наггахь шо а ца долу карзахдаьллачу Iаламо, куй биллал жимачу Нохчийчохь, бахархошна зенаш ца деш: дистинчу хиша а, ницкъалчу мехаша а, шатухуш дилхинчу догIанаша а.

Кху Мангал-беттан 8-чу дийнахь, де суьйренга лестинчу хенахь, хаза нехан санна чIогIа, ведаршкахь санна, догIа тоьхна Соьлж-гIалахь. Ницкъалчу моханца, къора тухуш, охьадоьттина догIа бохаме дирзина гIалин йистерчу цхьайолчу ярташна.

Къаьсттина алсам зенаш хиллачарех ю Соьлж-гIалин кIоштан юкъайоьду Первомайски олу МIамкхин юрт а, vалхбузе агIор Соьлж-гIалин чувулучохь Iуьллу Старопромыслан кIоштан «Собачовка» олу куп а - цхьа стом дийна ца буьсуш, хIаллакъйина бошмаш, охьааьтта хастоьмаш, цаца санна деш, дохийна цхьаболчийн тхевнаш. Дуьйцуш ю цигара яхархо Идрисова Яха.

Идрисова: » ДIавала, ведаршка аракхуьссуш санна, ша бар-кх. Мох, догIа. къаьхьаде дара, дитташ кеггош, дIа мел йийнарг хIаллакъеш. Шаерг дIаяьлла. Заздаьккхина наьрсаш яра сан. Кескаш еш, хедийна охьаяьхна. Хьозан хIоьаш санна, шаш бар-кх. Луларчу, 80 шо долчу йоккхачу стага ПетIамата боху, «хIара дегI доккхуш шена дайна дац ишта ша тухуш. Бераш гонаха а даьхна, Iадийна, Деле къинхетам бар доьхуш, йиснера ша бохуш яр-кх иза».

Пхи бIе метр елахь, кхин юкъ йоцуш вовшашна гергахь ю МIамкхи юрт а, "Собачовка" а. Карзахе хьаьвзинчу Iаламо кхоа ца бина цу хьалхарчу юьртан бахархой а. Абзотова Макка ю ткъех минотехь бен ца лаьттинчу йочано хIоттийначу «къемат дийнах» дуьйцуш.

Абзотова: «Юьртахойн тхевнаш а дохийна. Сан марвешин тховх маса топ йиттина моьттур ду-кх хьуна. Пластик, цаца санна, йина. Iаж, хьач, кхор – массо хIума а хьаьккхина охьайожийна. Вайн уьйтахь, юргIа санна, охьабиллина ша бар-кх. Мохо хьийза а беш-м беттара. РагIу кIелахь долчу гIанта тIехь, гIайбанех тера, ша бар-кх. Дера бара. Ткъех минотехь охьайилхира стигал. Мара а доллалур доцу стомма дитт юккъехула датIийна-кх. Иза инзаре хIума дара. Цхьа сагIа юкъадоьлла, Дала къинхетам би-кх…»

Шатохар бахьанехь нахана динчу зенех дийцинчу бахархошлахь кIезиг бу Iедало, бакълена а эшам хилларш билгал а баьхна, гIо дийр ду бохучух. «ХIаллакъхиллачу стоьмашна а. хастоьмашна–ам хIун дийр дара, цIийнан тхевнаш дохийна, даккхий зенаш динчарна гIо мукъана а дахьара», боху бахархоша.

Iаламо ден зенаш доцуш, аьхке тIеярций, хIора шарна а махкахь кхайкха а деш, цаьпцалгийн цIоз тIелатаран кхерам а бу Нохчийчохь бийцаре беш. Официало кхайкхорца, кхушара а ду изза хьал. Теркаца Iохкучу еа кIоштахь 6 эзар гектар кхаш -аренашца хааделла боху цаьпцалгийн зирх-хIоьънаш. Уьш ю, боху, хишца йолу хьуьнан асанаш а, некъан йистош а.

Юьрбахаман министараллин лакхарчу тIегIан хьаькамо Дидиев ВахIида хfаме даккхарца, леррина говзанчийн тоба а хьажийна, дIовш детташ, хIаллакъеш ю колонеш олу цIаьпцалгаша туп тоьхна меттигаш. « Стохка кху хенахь 17 гектар меттига тIехь хааделлера цаьпцалгийн цIоз, кхушара уьш йолу меттиг кхузза кIезиг ю. Оха дола деш, тхан бIаьргаIуналлехь ду хьал. Цаьпцалгаш тIома тIе хIиттале яйа дагахь ду тхо». Ишта дIахьедар дина герггарчу барамехь телевизионехь Дидиев Вахида.

Бакъду, цо ишта латталелорхойн дегнаш тешо санна къамел динехь а, Iедалан хьостано тIаьххьара дIасабаржийначу хаамца, Щелковск а, Новран а кIошташкахь, масала, цаьпцалгаш хIинцале лараелла ялташна зенаш дан.

Цаьпцалгийн цIоз хьокъехь лакхарчу маьхькIамхочо дина дIахьедар шеконе дуьллуш кхин цхьа хIума а ду. ХIинццалц схьа и зуламе сагалматаш коьртах а яьхна, йийцаре йора ялташ чудерзор юкъал тIех даьлча. Ялташ хьакха кхузахь хIинцца бен долийна а дац, ткъа цIоз далхош долу ши кIира хилла а ца Iа.

Кхузара дуьйш-дерзош латтанаш долу долахой кхоьру цара ялташ хIаллакдар кхушара кхин а алсам хиларна. «Герггарчу барамехь цаьпцалгаш Iаьнера мичахь йовлу хууш хилча, бIаьсте тIеярций, молханаш а детташ, уьш деба ца доьбуьйту агIо ян ца мега те бохуш, хеттаре буьйлу долахой а, могIарера бахархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG