ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн мухIажирийн гIайгIабеш ву Украинан президент



Украинан президента Порошенко Петрос омра дина эскарша оьрсийн террорхошка дуьхьал тIеман операци дIахьочу мехкан малхбалерчу кIошташкара маьрша бахархой арабовлийта некъ боьллуьйтуш. МухIажирш бевллачу нахана тIама къелхьара бовла машенаш а, дIатарбечу меттигашкахь кхача а, молханаш а хилийтар тIедожийна президента меттигашкарчу хьаькамашна.

Омра ша далле хьалха Порошенко дагаваьлла шен гIоьнчашца а, тIеман министрца а. Киеван а, Москохан а кхетам боллуш къамел хилла Украинан малхбалера хьал тодарехьа оршотдийнахь, аьлла, даржийна Украинан дипломатин урхалло а. «Кху кIиранах вайн чекхбаха беза тIеман барамаш», аьллера Порошенко Петрос кIирандийнахь ша динчу къамелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG