ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дегнаш тIе доьлху тIайнаш тохкурш


Нохчийчоь - Ерригкавказан "Кунаки" клуб, Юккъехь - Хатаев Нурди. аьрру йисттехь - "Кунаки" боламан да Успанов Юни.
Нохчийчоь - Ерригкавказан "Кунаки" клуб, Юккъехь - Хатаев Нурди. аьрру йисттехь - "Кунаки" боламан да Успанов Юни.

Адамна стоьмана-хасстоьмана оьшучул а совнаха оьшу кхача. Синкхача луш иза кхион дезаш хилар ю цуьнан башхалла. И шатайпа хьекъалан кхачо дуккха шерашкахь еш Нохчийчоьнал арахьа, ХIирийчохь, бехачу нохчашна схьавогIу Хатаев Нурди.





Хирийн мехкан Мазалк гIала жима хилар хьесапе эцча, дукха нохчий бехачех цхьаъ ю Теркан аьрро бердаца Iуьллу и шахьар. Теркйист, Новр кIошташкара алсамо белахь а цигахь бехаш бу 3 эзар сов Нохчийчоьнан массо бохург санна кIошташкара вайнах.

Мазалкехь нохчийн диаспора йолу а ду 20 шо. И кхоьлличхьана бохург санна, кху тIаьхьарчу 19 шарахь, шен 40 шо кхаьчначу хенахь дуьйна цуьнан коьртехь ву Хатаев Нурди. Шайн коьрта декхар тайп-тайпанчу къаьмнийн гIиллакх-Iадаташ довзарца, церан доттагIаллин уьйраш чIагIьяр лоручех ву Нурди а, цуьнан накъостий а.

Цу Iалашонца баьхкина уьш Оьрсийчоьнан де билгалдоккхучу дийнахь, шайца ткъех гIалгIазкхий а валош Соьлжа-гIала. Хатаев Нурдис дийцарехь цунна цу тIехь даима а санна аьтто бинарг ву совдегар Успанов Юни. Хатаев ву дуьйцуш.

Хатаев Нурдис ечу къароца, хирийн мехкан Мазалк гIаларчу нохчийн диаспоран болх марсабоккхуш дIабохуьйтург цхьа могIа туьканийн-ресторанийн долахоУспанов Юни ву. Къаьмнаш вовшийн довзийтарехь, царна юкъахь барт-марзо чIагIьярехь, харж ца кхоош, болх беш болу хьоладай дукха хир бац бохуш даре до Нурдис.

Цо дийцарехь шен Мазалкехь йолчу кафе-музей чухула тайп-тайпанчу къаьмнийн гIиллакх-Iадаташ довзуьйтуш, церан хаарш шордеш, цо чекхбаьхна ишколашкара масийтта эзар дешархой. Чекхбаьхна ца Iаш цо даа-мала а ца кхоийна кегийчу адамашна бохуш дийцира хатаев Нурдис.

Диаспоран болх жигара баккхарехь а, нохчийн къоман сий-лерам лакхабаккхарехь а кафе –музейн долахочо дийриг вуно маьIне гIуллакх лоручех ву байтанча –гочдархо, Хатаев Хьусайн а.

Кар-кара а оьцуш, диаспоран хьокъехь шаьш дечу къамелехь Нурдис билгалдаьккхира жимма хьалхо Мазалкехь деха къаьмнаш вовшийн бала а ца кхочуш, цхьа шайн ботт-чкъеран чохь санна дехаш хилла хилар.

Бен-бечу къаьмнийн вовшийн бала кхачийтарехь, царна юкъара цакхетаран пардо дIадаккхарехь мехалчех мехала болх лору Хьусайнас, шен «Кунаки» кафе-музейн гIоьнца Успанов Юнис беш берг.

Дерзош ала ду Хирийн мехкан Мазалкехь вайнехан диаспоро беш болчу балхах, царна зеделлачух са эца тарлуш ду Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а бехачу нохчаша.

Бакъду, муьлхха а хьанал, беркате, безамах кхехка ойла-Iалашо дахаре ерзо, цигахь санна догдика а, комаьрша а, къаьмнашна инкарло ца еш, муьлхха къоман векал Дала кхоьллина адам санна тIеоьцуш а, дезаш а, хьаьнцца а тIекаренаш,чукаренаш лело кийча таро йолу нах хила а беза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG