Оршотдийнахь аванс ахча дала йиллина хан Украино т1ехъялийтарца доьзна, ша цига газ кхачор лахдо, амма Европе йоьду газ лахлойла дац, дIахьедина Оьрсийчоьно. Газпроман пресс-секретара Куприянов Сергейс хаам бина, Украинана кхочу газ хьажор яц цига компанино, амма Европе кхочушъерг Киеван дуьхьало а ца еш дакхачон дезар ду, аьлла.
Стокгольмерчу арбитражан кхеле Украинана арздина шаьш, цуьнгара 4,5 миллиард доллар декхар такхийтар доьхуш, боху Газпромо. Ткъа Европано юкъарло а деш, Украинаций, Оьрсийчоьнций дIахьош хилла дицарш цхьа а жамI доцуш дирзина. Брюссело ша реза ю 1 миллиард доллар хIинццехь охьадилла, аьллера, ткъа Москох реза ца хилира. Энергетикехула волчу Евробертан комиссара Эттингер Гюнтера бертан къамелаш, компромиссаш а лоьруш, кхидIадахьа хьожур ву ша, аьлла.