Украинан президента Порошенко Петрос шен министрийн го къастош, шега кховдийна цхьайолу кандидатураш къобалйина парламенто. Рада резахилла президентан арахьарчу гIуллакхийн министран, Инарла прокуроран, пачхьалкхан банкан куьйгалхочун кандидатураш тIечIагIъян.
Германехь векал волу Климкин Павел ву дипломатин гIантда. Банкан коьрте хIоттийна Хонтарева Валерия, Инарла Прокурор – хьалхара вице-премьер Iийна Ярема Виталий. ТIемаш бира вовшашца еарийдийнахь малхбалерчу сепаратисташий, Iедалан ницкъаший Красный Лиман-гIалина гергахь.
Кхаарийдийнахь Порошенкос деккъа Iедалан агIор тIемаш совцош бинчу сацамна дуьхьал нисделла и тIематасадалар.