ОвхIанистанехь президентан харжамкахь жамIаш деш харцо лелийна аьлла хеташ, шега бехкашдаьхначу мехкан Йозуш йоцчу харжамийн комиссин гIатдас ул-Хьакъ Зия Iамархаила дитина дарж, ша къоман дуьхьа дIаволу балхара аьлла. Ашраф ГIанин агIор болх бина цо аьлла, иза бехкевира вукху кандидата Iабдулла Iабдуллас кIира хьалха.
Ул-Хьакъ Зияс кхаьжнаш багардеш харцо яран аудиотоьшалла ду шехгахь бохуш дара Iабдулла Iабдуллас дина дIахьедар, ткъа "The Wall Street Journal-ца" къамел деш харжамийн куьйгалхочо иза бакъдац элира. Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацига нийсояр дехначу Iабдулла Iабдуллас хаийтина ша уль-Хьакъ даржахваларна реза хилар.