ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистане бехкбаьккхина Карзайс


ОвхIанистанан президента Карзай Хьамида махкал арахьара ницкъаш бехкебина Гельменд кIоштахь тIелетарш динчу тIалибашна гIортор ярна. Оцу юкъанна цуьнан хьакамаша цIарца буьйцу шаьш бехкебийраш – Пакистанан къайлах сервис. Цунах тоьшалла деш, Маршо Радиоца къамел дира Геьмендан губернатора Наим Мохьаммада. ТIалибашца цхьаьна тIелетарш до тIеман духарахь боцчу Пакистанан иччархоша, бохура цо.

ОвхIанистанан официало дийцарехь, кхаарийдийнахь 800 тIалиб тIелетта Iедалан ницкъашна Сангин, Новзад, Къаджаки, Муса-Кхала олучу къошташкахь. ХIусамаш йита дезна 2000 доьзалан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG