ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдойн шайн дакъа даккха гIерта


Иракъерчу курдойн хьалханчас Барзани МасIуда шайн автономино ларбийр бу шайн мехкдаьттан мохк Киркук а, кхийолу шайн тIемалоша лаьцна йолу меттигаш а суннатошна дуьхьал а лаьтташ, аьлла даржийна.

Регионан шахьара Эрбиле веъначу Ингалсенан премьер-министрца Хейг Вильямца цхьана пресс-конференци луш Киркук-гIалин статус хIинца ю къасталуш, бохура Барзанис. Тайп-тайпана къаьмнаш а, динан кепаш а еха гIала ю Киркук. Иттаннаш шераш ду курдоша иза шайн автоними юкъаийзайо, ткъа Иракъан Iедал реза ца хуьлу. Иштта цунна реза бац цигахь алссам беха туркменаш а, Iаьрбий а.

XS
SM
MD
LG