ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь мегаш дац экстремизм лело


Интернетехь экстремизме кхайкхарна бехк-такхаман жоьпаллах лаьцна долчу низаманна тIе куьг таIийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Интернетехула экстремизме кхайкхар а, адамашна юкъахь хьагI-гамо кхоллар а, ткъа иштта адамийн сий дайа гIертар а зулам лоруш ду. Иза динчунна таIзар дийр ду, уггаре а алсам 5 шо набахтехь даккха хан а тухуш.

Экстремизм лелош волчу стаганна ахча даларна хан тухур ю 6 шаре кхаччалц. Хьалха Оьрсийчохь бехке лоруш дара зорбанан гIирсашкахь экстремизме кхайкхар. ХIинца цу гIуллакханна жоьпаллехь хир бу интернетах пайда оьцуш болу могIарера нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG