ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

250 гергга сепаратист вийна Украинехь


Украинин эскарша 250 сепаратист вийна Славянск олучу гIалана гонаха. Цунах лаьцна хаам бина Украинин зорбанан гIирсаша. Цхьана эпсаро дийцарехь, сепаратисташна тохарш динарг ю Днепропетровскера 25-гIа ша лаьтташ йолу хIаваан десантан бригада. Десантхойн Iалашо яхилла гIаттамхойн Iемаш болу база.

Цу эпсаро билгалдаккхарехь, Украинин эскарш тохарш деш ду Новоалександровка олучу меттехь болчу сепаратисташна. Цхьаболчу хаамашца, шайн агIор сепаратисташа тIелатар дина Карачун олучу гу тIехь лаьттачу Украинин эскархошна.

Юха а тIемаш доладелла Донецкан а, Луганскан а кIошташкахь, Украинин президенто Порошенко Петрос кхайкхийначу маслаIатан хан Мангал-беттан 30-чу дийнахь чекхяьллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG