ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин керла тIеман министр хIоттийна инарла Гелетей


Украинин керла тIеман министр хIоттийна инарла Гелетей Валерий. Еарин дийнахь цо чIагIо йира Лаккхарчу Радан депутаташна хьалха. Хьалха Гелетей куьйгалла деш вара Украинин пачхьалкхан гIаролан урхаллина.

Иза министр хIоттавале депутаташ шен даржах мукъаваьккхира тIеман министран декхарш кхочуш деш волу Коваль Михаил.

Украинин президенто Порошенко Петрос иза хIоттийна Украинин къоман кхерамазаллин кхеташонан секретаран когаметта.

Еарин дийнахь президенто инарла Муженко Виктор хIоттийна тIеман ницкъийн инарла-штабан куьйгалхо, терроран операци дIахьош цо майралла а доьналла а гайтина хилар а хьахош.

2003-чу а, 2004-чу а шерашкахь инарла Муженко дакъалоцуш вара Иракъехь машарбаран миссехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG