ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура дIавахана Троицкий Артемий


Эстоне дIаваха сацам бина Оьрсийчура оппозицин жигархочо, музыкан критик волчу Троицкий Артемийс. Эстонера журналисташна интервью луш, цо дийцира, ша Оьрсийчура дIавахана цигахь Iедалшна хетачунна реза боцучу нехан дахар вуно халонга даьлла хилар бахьана долуш аьлла.

Кхузамахьлерчу Оьрсийчохь массарах дIатарвала веза, я цигара дIаваха веза аьлла хета Троицкийна. Эстонехь иза дагахь ву Таллинерчу университетехь болх бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG