ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран луьра кхел


Мисаран кхело велла дIаваллалц чохь яккха хан тоьхна махкахь бихкина болчу «Бусулба вежарий» цIе йолчу боламан хьалханчана Бадие Мохьаммадана а, кхин а 36 цуьнан накъостана а. Суьдо иштта тIечIагIйина «Бусулба вежарийн» 10 агIончана вен йина йолу кхел.

Цунах лаьцна хаам бо дуьненерчу хаамийн агенталлаш, Мисаран телевизионо бинчу хаамана тIе а тевжуш. Бадиена бехке диллинарг ду армино президент даржера вохийначул тIаьхьа махкахь ницкъ барн тIехьехар.

Хьалха кхело шозза сацам бира Бадиена вен кхел йогIу аьлла. Дуьненаюкъаралло ша саготта хилар хаийтина тIаьхьарчу хенахь адамашна байа кхелаш а еш алссам Мисарахь дIахьош процессаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG