ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан парламент кегарехь ю


Иракъан пачхьалкхан телевизионо хаам барехь, мехкан парламенто кху беттан 12-чу дийне дIатеттина шен рогIера сесси. Массех де а ду цуьнан болх юкъахбаьлла.

Парламентан Iалашо ю кху деношкахь керла спикер харжар. Амма болх юкъахбаьлла оьшшучул суннатойнний, шиIатойнний депутаташ ца гулбаларна. Барт ийгIина парламентехь Iедалан коьртера шиIато ал-Малики Нури суннатойн гIаттамхоша шайн карара доху мехкан дакъош Iалашдан гIертачу юкъанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG