ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъо парламентан сацаме сатуьйсу


Иракъан керла парламент резахилла тIедогIучу кIиранах керла министрийн кабинет кхолла охьахаа, и болх рогIерчу батте дIа а ца тоттуш. Шинарийдийнахь спикера ал-Хьадид Мехьдис хаам бира кху беттан 13-чу дийнахь депутаташа болор бу къомана оьшу гIулчаш а йохуш, махкахь демократи кхуллу а, чIагIъен а болх аьлла.

Парламентан кхеташо тIехьататар шена ца тайнийла довзийтинера хьалхо Цхьанатоьхначу Штаташа. Парламент хIинца а ца къастаелла шен куьгалхошца. ШиIатошлаххьий, суннатошлаххьий, курдошлаххьий барт ца хиларна дахделла и къастамбацар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG