ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарошна кхераме Facebook а, Twitter a


Facebook-кехь махкана дуьхьал чулацам болу материалаш дIахIиттийна аьлла 11-нна тIера 22-на шаре кхаччалц хенаш тоьхна 8 жимачу стагана ГIажарийчоьнан Революцин суьдо. ИРНА олучу пачхьалкхан агенталло бинчу хаамца, уьш чубоьхкина «къоман кхерамазаллина дуьхьал хIуманаш лелорна а, пачхьалкхана дуьхьал пропаганда ярна а, дин а, ГIажарийчоьнан лидерш а сийсаз барна а».

ГIажарийчохь Iедалша шайн тидамехь латтош ду Facebook-ехь а, Twitter-ехь а, ткъа иштта Iедалшна дуьхьал йолчу сайташа а дуьйцург. Цу мехкан президенто Роухани Хьасана шен харжаман кампани дIахьош дош деллера и гIуллакх мелла а къад дийр ду ша аьлла.

Амма цунна дуьхьал лаьтташ бу ултра-консерваторш. Церан карахь ю махкара мехала институташ, шайна юкъахь суьдан система а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG