ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинахой бойуш бу Израило Газехь дIахьочу операцехь


Газа асанехь 8 стагах лаьтташ болу доьзал бийна Израилан эскархоша, яккхийн тоьпаш а йиттина. Царах 4 бер ду. Кхин а бархI стаг вийна Израилан кеманаша ракеташ а, бомбанаш а йиттина Газа асанан къилбехь йолчу Хан-Юнис олучу гIалахь.

Палестинин Iедалан векалша дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь 300 гергга стаг вийна Газехь жуьгтийн эскарша герзаш деттар бахьана долуш. 40 эзар стаг ведда тIемаш болчу меттера.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнин Вовшахтохараллан инарлан секретар Бан Ки Мун дагахь ву тахана-кхана Гергарчу Малхбале ваха, жуьгташна а, палестинахошна а юкъахь машаран дийцарш юхадIадолош юкъарло лело дагахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG