ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера тIемаш


Малайзин Боинг охьадоьжначу территорин цхьа дакъа дIалаца аьтто баьлла шайн эскархойн аьлла, дIахьедар дина Украинин Iедалша. Делахь а бохам хиллачу меттиге баха аьтто ца баьлла дуьненаюкъарчу талламхойн. Оршотан Iуьйранна кема охьадоьжначу меттиге баха новкъабевллера Нидерландера эксперташ. Амма дIакхача 30 километр йиссинчу хенахь, тIемаш боьлхуш хиларна юхабирзина уьш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьшца, кху тIаьхьарчу кхаа баттахь Украинин эскархошна а, сеператисташна а юкъахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна 1 эззар цхьа бIе стаг. Цу организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Пиллэй Навис дIахьедар дина, Донецкан а, Луганскан а гонашкахь тIемаш чехкадовлар бахьана долуш саготта ю дуьненаюкъаралла аьлла. Кху беттан 17-чу дийнахь некъахойн кеманна ракета тохар тIеман зулам ду аьлла дIахьедар дина Пиллэйс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG