ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш ду Донецкана гонаха


Донецкан областехь даханчу дийнахь-бусий хиллачу тIемашкахь вийна 19 стаг. 30 гергга стаг чевнаш йина ву. Цунах лаьцна хаам бина Донецкан областан администрацин сайт тIехь. Украинин малхбалехь дIахьочу Антитерроран операцин зорбан сервисо бинчу хаамца, Iедалан ницкъашна юкъахь вийна 10 стаг. 50 гергга чевнаш йина ву.

Украинин Армино шен Iуналле эцна Авдеевка гIала. ТIемаш дIабоьлхуш бу Иловайск а, Первосмайск а гIаланашкахь. Украинин тIеман министраллан векло бинчу хаамца, маьрша бахархой ларбеш эскарша лелош яц еза тIеман техника а, артиллери а, авиаци а.

ТIеман-политикан талламан центран куьйгалхочо Тымчук Дмитрийс бинчу хаамца, Кхаарин буса герзаца болчу сепаратисташа танканашца тIелатар дина Дубровка олучу эвлана уллехь болчу Украинин эскархошна. ТIелатар юхатоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG