5 стаг вийна, 100 сов стаганна чевнаш йина Джабилия олучу мухIажирийн четаргIалахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино Iуналла дечу школана Израило тохарш дар бахьана долуш.
Цу школехь жуьгташа еттачу бомбанех а, ракетех а дIалечкъина хилла 3000 гергга маьрша бахархой. Кхин а 17 стаг вийна, 200 гергга лазийна ву Газа-гIалина малхбалехь йолчу меттехь, Израилан эскарша ракеташ а йиттина.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а емал дина маьрша палестинахой байар. Кхаарин дийнахь Газа асанехь шайн кхо салтти вийна аьлла дIахьедар дина Израило.