ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин Москох векал хIоьттина Теффт Джон


Iамеркин Сенато Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москох волчу векалан даржехь тIечIагIвина Теффт Джон. И сацам бина сенаторша, Еарин дийнахь кхаж а тесна. Товбеца-беттан 10-чу дийнахь иза Iамеркан Оьрсийчохь волу векал хIоттор къобулдинера президенто Обама Барака.

Теффт Джона цу даржехь хуьйцур ву кху шеран Чиллан-баттахь векал волчура дIаваьлла волу Макфол Майкл. 64 шо долу Теффт Iамеркан векал хилла ву Украинехь а, Литвахь а, Гуьржийчохь а. 1990-чу шерашкахь Iамеран Москох йолчу дипломатин миссин куьйгалхочуьнан когаметта хилла ву Теффт Джон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG