ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газехь тIеман операци дIахьош ю Израил

Лаххара а 20 стаг вийна, 100 сов чевнаш йина ву Джабилия олучу мухIажирийн четаргIалахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино Iуналла дечу школана Израило тохарш дар бахьана долуш. Цу школехь жуьгташа еттачу бомбанех а, ракетех а дIалечкъина хилла 3000 гергга маьрша бахархой. Кхин а 17 стаг вийна, 200 гергга лазийна ву Газа-гIалина малхбалехь йолчу меттехь, Израилан эскарша ракеташ а йиттина. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а емал дина маьрша палестинахой байар. Кхаарин дийнахь Газа асанехь шайн кхо салтти вийна аьлла дIахьедар дина Израило.

XS
SM
MD
LG